ОЬЗДАЛЛА А, НЕНАН МОТТ А!

Х1ора шарахь 21-чу октябраьхь вайн республикехь билгалдоккхуш ду Дагестанан оьздаллин а, ненан меттанийн а де. Схьахетарехь, лаамза дац и де иштта даздаран т1ег1ане а даьккхина, цунна лаккхара лерам бар. Х1унда аьлча, вайн махкахь дехаш дуккха а къаьмнаш ду. Церан х1оранна а шен-шен мотт хилла ца 1аш, амалаш а, 1адаташ а, ламасташ а ду. 

Муьлхха а къам схьалаьцчи, цуьнан коьрта билгало х1ун йу? Дера бу мотт. Иза къоман бух бу. Цуьнца цхьана 1амадо массо а вахархочо шайн историа, 1адаташ а, иштта д1а кхин а. Массеран а коьрта декхар ду иза Iалашбар, кхиор. Ненан мотт – иза халкъан оьздаллин бух а бу. Цу маттахь схьадог1у халкъан иэс, г1иллакхаш, амалаш. Цуьнца бен ца кхуьу йоза, 1илма, литература, фольклор. Вайн дахаран муьлхха а аг1о хьахийчи, иза а йу цуьнца йоьзна, масала: вайн уьйран а, вовшашца лело йукъаметтиган а, коьрта г1ирс хуьлий д1ах1утту мотт. Цундела массарна а хаа деза, мотт ца хилча оьздалла а хир йац, истори а йовр йу, цкъа а ца хилча санна къоман ламасташ а д1адер ду. Ткъа уьш шеца доцург къам хуьлий-те? Уьш дерриге вовшех доьзна ду. Нагахь санна, цхьаъ йукъара д1адалахь, дисиначеран маь1на довр ду. Цхьа жимма иэс-кхетам болчу нахана хаьа цу сийлахьчу билгалонийн барам. Кхин дисначунна ойла ца йичи а, беккъа ц1ена цхьа мотт ца хилча, йоза, 1илма кхуьур дацара вайна. Иштта к1орггера маь1на ду цу меттан. Иза цахаар иэхь хилла ца 1аш, стаг дийна а волуш велча санна ду. Цундела ненан меттан сий дан деза массара а. Ткъа и муха дийр ду? Дуьххьара д1а и хаа а, беза а беза. Ткъа дисинарг дерриге цул т1аьхьа ша кхочуш хуьлу. Ненан мотт алар х1ун бахьна ду цунах? Дера ду, берана жимачохь дуьйна ненера хеза дела шен къоман маттахь дуьххьара дош. Нана санна, иза а бу сийлахь, беза, лараме. Нанас шен къинхетамца, хьехаршца, 1амадо къоман дерриге диканиг. Цундела, вайх х1оранна а хета ненан мотт уггаре хьоме а, хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а. 
Ткъа вайн республикехь, дуккха а къаьмнаш дехачохь муха хьал кхолладелла? Халахета, наггахь бен дацахь а, къаьмнийн векалшна йукъахь тайп-тайпана барамехь хуьлуш долу девнаш, халкъийн т1ег1ане долуш меттигаш а нисло. Иштта кхачамбацарш вайна йукъахь ца хилийта а, массо къаьмнийн цхьа барт хилийта а кхоьллина и даздаран де. Дуьххьара д1а шайн доьзалера доладелла, берийн бешашкахь, ишколашкахь, лакхарчу учебни заведенешкахь белхаш дан дазеш ду иштта зиэнаш вайна йукъахь ца хилийта. Т1екхуьу чкъор 1аморехь, вайн декхар шо-шаре мел долу дазлуш ду, х1унда аьлча, уьш галабохуш, цхьацца шайн аг1ора цаьрга къа хьоьгуьйтуш арахьара ницкъаш бу. Шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахула, 1елам наха шайн хьехамашкахула, йукъаралло ша бечу балхаца къоман гIиллакхаш кIopггepa довзийта деза, царах дикадерш дахарехь са дохуш, Ислам динца а, къоман 1адаташца а цхьаьна дог1уш доцурш йукъара д1а дохуш. Муьлхха а къоман оьзда, дика гIиллакхаш Делера ду. Ткъа Дагестанехь дукхах долу къаьмнаш бусулбанийн динахь хиларе терра, дукха хьолахь, вайн г1иллакхаш цхьаьнадог1уш хуьлу. Амма, къаьсттина нохчийн гlиллакхехь цхьацца билгалонаш йу, масала: луларчу къаьмнийн зударша салам ло вовшашка а, божаршка а, иштта церан божарша а ло зударшка. Ткъа вайна йукъахь иштта г1иллакх лелаш дац. Иштта башхаллаш муьлххачу а къоман оьздангаллехь а йу. Дукха хьолахь, церан дахаран хьелашка а, лулахь дехачу къаьмнашка а хьаьжжина, х1оранна шен-шен гlиллакхаш кхолладелла. Масала далийча, вайн луларчу массо къаьмнийн ду воккха стаг ларар. Делахь а, цуьнан некъ цахадор, собаре хилар, иза вайн бен дац. Цуьнца го воккхачу стагана беш болу лерам муххала лекхара бу вайн. Соьга хаьттича, ч1ог1а хаза гIиллакх ду и. Дийца волавелча-м дийцина ца-валлала дукха ду уьш. 
Вайн республикехь дуккха къаьмнаш дехаш хилар боккха бахам бу вайн. Делахь, цхьацца пит1анаш вайна йукъа кхуьссуш, вовшеха латийта г1ерташ, марзо д1айаккха г1ерташ къахьоьгуш берш бу. Царна уггаре атта дерг ду, интернет чохь дерг-доцург йаздеш, тайп-тайпана къаьмнийн кегийрхой вовшашна дуьхьала бохуш, пит1анаш кего. Делан диканца, цуьнах кхета хьекъал ду вайн. Жимачохь дуьйна оьздаллин белхалоша, хьехархоша т1екхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь кхоччуш белхаш дар бахьана долуш, оцу пит1анех вай 1алашделла. Ишттачух ларвала дуьхьа ду ненан меттан а, оьздаллин маь1на к1орггера хаа дезаш. Дукха хьолахь, царах доьзна хуьлу халкъан йукъараллин дахар. Соьга хаьттича, вайх х1орамма а доьзал жима болуш дуьйна г1иллакхехь, оьзда, 1адаташ а, ламасташ а девзаш, ненан мотт к1орггера 1амош, истори йуьйцуш 1амо беза. Уггаре коьртаниг – иза ненан мотт ларбар ду, х1унда аьлча, и д1абалахь, цуьнца цхьаьна муьлхха а къоман коьрта бахам д1аболу: г1иллакх, оьздалла, истори, 1адаташ, ламасташ, иштта д1а кхин а. Дала 1алаш дойла вай иштта чаккхенах.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля