Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а


«Доьзал» дешан маьIна дан гIоьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь» шен маьIница «хIу» дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна хIокху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». И бохург цхьа а лар а йоцуш, тIаьхьадисина цхьа цуьрриг хIума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (хIу) хилар, доь долор ду.                                                                        Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман Iадато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн тIаьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн Iадатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца Iа. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховкIелахь, я кертахь Iаш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана цIийнан нах» бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.                                                                                                                      Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (тIера да, я нана дIаяьлла; я ший а дIадаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, цIийца гергарло хилла ца Iаш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.                                              
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь тIехIуьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, хIунда аьлча, Дала боху Шен сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо хIума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийцинчух…), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я кIезиг хIума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.                     
Доьзал – иза шина агIор долу жоьпалла ду: ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дIадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а хIума а дац кIезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гIуллакхе.                                                                                                                     Бер дуьненчу даьлча, цунна цIе тиллар тIедужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Бакъду иза, адаман гIуллакхашка, гIиллакхашка хьаьжжина наха цIе туьллур а ю цунна. Амма и иштта дара аьлла, цIе бен а доцуш, шена дагаеънарг, бегашийна тилла мегар дац. Ткъа и тайпа бен а доцуш цIераш тахкар нохчашна юккъехь хьалха а нислуш хилла, хIинца а нисло. Иштта ца хилча, хир ярий вайнехан хIара тайпа цIераш: ЦIога, Тапча, МаIаш?.. Ткъа тIаьххьарчу хенахь цхьацца пачхьалкхийн, къаьмнийн цIераш юкъаевлла. Цул сов, дукха яьржина кхечу пачхьалкхийн куьйгалхойн, артистийн, кхечу маттахь хилчхьана, хIун ю а ца хуу цIераш а.
Оцу дерригено а гойту вайн цхьаболчу наха стеган цIе – ша тайпа хIайкал, цуьнан дахаран коьрта маьIне хьаьрк ларар дицдина хилар. ЦIе хазйийриг стеган гIиллакхаш делахь а, цуьнца цхьаьна мелла а тIеIаткъам стеган кхолламна цуьнан цIаро а бан тарлуш ду.                                                                               
Цунах кхеташ хиллачух тера ду вайн генара дай. Ширчу цIерашкахь вайна го нохчийн къоман дуьнене хьежамаш, цуьнан Iаламца болу лерамаш, цунна деза хетта гIиллакхаш, амалш. Масала, дитташца, бецашца, хишца йоьзначу цIераша (Нажа, Колла, Хьуьна, Шовда, Зезаг, Заза, и. дI. кх. а) гойту халкъан цаьрца йолу сий-лараме юкъаметтиг. Изза маьIна ду олхазарийн, акхаройн, сагалматийн цIераш адамашна тахкаран а (Леча, Хьоза, Полла, Кхокха, Дода, Барза, Лоьма, и. дI. кх. а).                                                                                                       Нохчийн ширчу цIерашкахь шайн маьIна атта дан йиш йоцурш а нисло: божарийнаш — Моьсаг, Аказ, Очча, КIуштани, Теса, Хьама, ГIубач, Довт, и. дI. кх. а; зударийнаш — Пера, Таху, Баху, Заху, ШайлагIаз, ГунегIаз, и. дI. кх. а. Бусалба дин юкъадарца а, чIагIдаларца а дуккха а керла цIераш яьхкина вайнехан матта юкъа. ГIиллакх хилла дIахIоьттира берашна пайхамарийн, безчу нехан цIераш тахкар.                                                                                               ТIаьххьарчу бIешерашкахь, Нохчийчоь Россин олаллина кIел яханчул тIаьхьа, алсамъевлира оьрсийн а, Европан кхечу къаьмнийн а цIераш. Нохчийн шира цIераш тахкар гIелделира.                                                                                                              Берана цIе къаьркъанаш муьйлучохь, эрна хабарш дуьйцучохь тилла мегар дац, хIинццалц цхьаболчу нохчийн доьзалшкахь и хуьлуш ма-хиллара. ЦIе тиллар Дала оцу беран дена тIедиллина ду, цунна тIера хьакъикъат а дуьйш. Иза бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа ворхI де даьлча деш хуьлу.                                                   
ДIаяханчу заманахь доьзалхо дуьненчу ваьлча, иштта сагIа даьккхина ца Iаш, говраш хохкуьйтуш а, ловзар деш а хилла. Берана дикалааран ловцаш (луьйцаш) беш а хилла гергарчара, хьешаша:
-Дала беркате доьзалхо войла!
-Дала дукха вахавойла!
-ВорхI вешин ваша (йиша) войла!
-Хьо вехийла Органна чо баллалц!
-Хьо вехийла цицигана маIа яллалц! — царах терра кхин а.
Бер динчул тIаьхьа масех денна я кIиранна да лечкъаш хилла, ша гергарчарна, баккхийчу нахана ца гойтуш. Оцу Iалашонца чуьра дIавоьдуш а хилла. Иза а, дуьхьал бехке стаг кхетча, шен карара бер охьа а дуьллий, нана букъ берзабой дIахIутту гIиллакх а, хетарехь, дукха генара схьадогIуш долчух тера ду. Цуьнан маьIна дан гIоьртича, ойлано адамийн зуьрет долалучу юхавуьгу. Дала бихкина болу стом биъна, Адамий, Хьавассий латийначу дуьххьарлерчу къинан иэхь дуй-те дений, нанний шайн бер бахьанехь хетарг? И мухха делахь а, нахана хьалха шен бер хьастар, кара лацар, ура-атталла цуьнан тидам бар а гIиллакхехь дац вайнехан Iедалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да. Бакъду, беран дахарна я цуьнан могашаллина кхерам хилча, гIиллакхаш лелор тIехь дац стагана. Цигахь милла велахь а, берана (муьлххачу стагана а) орцахвала веза. Цундела С. Бадуевн цхьана дийцарехь марда хьалха ву аьлла, шен бер кIелхьара ца доккхуш, нанас гIу чу дожийтар, — иза гIиллакх дац, иза къизалла ю (и тайпа хIума-м дахарехь хир ду аьлла а ца хета, яздархочо шеггара кхоьллина ду иза).                                                                
Да берана массо хIуманна тIехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь вевзаш хилла цуьнан гIуллакхашца а, ненан бIаьргашца а. Нохчийн гIиллакхаш чIогIа лелочу доьзалшкахь бераш дена хьалха охьаховшуш а, хIума юуш а ца хилла. Кхиъна, кога даххалц бераца ден кхин башха уьйр хуьлуш а ца хилла. Цхьана воккхачу стага дуьйцура, шен кхозлагIчу дас (кхо зуда а, цара бина доьзал а хилла цуьнан) чохь бер а долу ага арахь дIагулдинчу лайла тоьхнера бохуш, дехьачу горгам хьокхуш зудчо иза ша волчу чу хIоттийна аьлла, оьгIаз а вахна. И тайпа хIума дар-м нийса дац, делахь а оцу масало гойту, мел чIогIа ларлуш хилла вайн генара дай берашца эвхьаза хиларх. Амма доьзал гIеххьа боккха хилча, царна ненехула тIеIаткъам бина ца Iаш, ша хьехам беш а хилла дас, къаьсттина боьршачу берашна. 
ХIокху жимчу кийсигехь тидам тIебахийта безаш масех маьIне меттиг ю:
-дас хьехам бо берашна, «дера», «дов деш», хIунда аьлча, дай аьлла хIума беран кхетамо дIа ца лаца тарло;
-дас шен денда а, ворхIе да а хьахаво, берашна царна хьалха долу жоьпалла довзуьйтуш. Цуьнца цхьаьна дас берашна хоуьйту уьш шайна луъург лелон «маьрша» доций, царна тIехь дайн сий лардар а дуйла;
-дас билгалдоккху, шена хетарехь, стагана уггаре чIогIа оьшург: комаьршалла а, гIиллакх а. Цо иштта стагана уггаре хала ю аьлла хета киртигаш а билгалйоху (чIир, такха ца даллал доккха декхар);
-кхузахь дас шен хьехамца а, шен дай хьахорца а ша тайпа кхетаман болх бо берашца. Ткъа уьш кхетош-кхиорна тIехьажийна хилла хьалха заманахь нохчийн доьзалехь дас, нанас, дендас, денанас, кхечу баккхийчу гергарчара мел олу дош а, мел боккху ког а, мел ден гIуллакх а.
 
     

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля