…Мерза бу моз санна…

Б1аьстено дендеш долчу дахаран г1ортор хилла лаьтта  ненан мотт. И боцу къам дайна ду, дахар – хаьдда ду.                                Нохчийн поэташа дукха яздина ненан меттан дозаллех лаьцна. Цунах лаьцна дийцина оьрсийн а, кхечу къоман а г1арабевллачу яздархоша. Царех цхьаъ ву Толстой Лев Николаевич. Цуьнан таро хилира Нохчийчу ван, вайн г1иллакхаш а, ламасташ а довза, меттан хазнех пайдаэца. «Хаджи-Мурат» ц1е йолчу повестехь билгалъяьхна цо церан мехаллаш. “Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь”. И дешнаш  Л.Н. Толстойс аьлла ду.Вайн г1араваьллачу поэта Арсанукаев Шайхис «Нена мотт» стихотворенехь иштта яздо:
«…Мерза бу моз санна, ша безачунна, Ламанан шовданал ц1ена  бу и, Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,                              Услара даггара хестийна и…»
Вайн маттахь санна безам ца бийцало, Даймохк ца хестало кхечу маттахь. Цунна тоьшалла хилла лаьтта нохчийн  фольклор. Халкъан барта кхолларалло ненан маттехула къоман амал гойту, цуьнан г1иллакхаш, ламасташ довзуьйту. И дерриге кхиош берг мотт бу. Бакъду, т1аьхьарчу хенахь г1еллуш схьадог1у нохчийн маттаца доьзнарг.                                                                               Советан заманахь  нохчийн маттана йолу терго уггаре а лахарчу т1ег1ан т1ехь яра. Школашкахь иза 1амор ледара дара, цунна билгалдаьхна  сахьташ к1еззиг хиларна. Дешаран заведенешкахь а, белхан меттигашкахь а буьйцуш берг оьрсийн мотт бара. Нохчийн мотт цахаар «модехь» дара. Цунах дозалла дора, уггаре а хьалха, дай-наноша, цул т1аьхьа, церан бераша. Соьлжа-Г1аларчу школашкахь 1990-чу шерашкахь бен 1амо ца болийна нохчийн мотт. Бакъду, цу долорах баккхийбеш, дукхахберш, оьрсий бара. Дай-наноша, шайн берашна нохчийн мотт 1амор  доьхуш, заявленеш яздора. Ткъа, цхьаболчу нохчаша, нохчийн меттан урокех шайн бераш мукъадахар доьхуш  яздора уьш. Шайн берашна иза тоъал хууш бу, бохург дара церан иза.  Дукха ойла йо аса оцу г1уллакхан тахана а. «Тоъал» мел хуьлу те, дешар а, 1илма а 1аморехь билгалбоккхий барам хуьлу те, бохуш. Цу хаттарна жоп луш ца карий цхьа а. Иза иштта хиллехь а, мехкан а, меттан а  патриоташ гуттар а хилла вайна юккъехь. Уьш тахана а бу мотт кхиош, 1илманан белхаш арахоьцуш, дешаран а, белхан а заведенешкахь керланиг даржош.  Нохчийн мотт хьехаран а,1аморан а проблемаш юьйцуш конференцеш д1ахьо республикин Дешаран а,1илманан а министерствос.  Нохчийчуьра школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой хилла ца 1аш, цигахь дакъалоцу нохчийн меттан 1илманчаша а, уьш бу:  Арсанукаев 1абдулла, Тимаев Ваха, Овхадов Муса,  Бурчаев Хьаьлим, Навразова Хьава, Гапуров Шахьрудди, кхиберш а.  Школашкахь  ненан мотт а, литература а хьехарехь зиэделлачу  хьехархойн  дуккха а хуьлу ишттачу меттехь  дийца а, вовшех дагабийла а. Шаьш ечу докладаш т1ехь цара билгалйоху  ненан меттан урокаш луш, шайн хуьлуш йолу проблемаш. Учебникаш т1ехь язйина  бакъонаш тайп-тайпана хиларо, шайн балхана хуьлу новкъарлонех а  дуьйцу  хьехархоша.
И санна йолу мероприятеш вайн махкахь кест-кеста д1ахьо. Царех боккха пайда оьцу хьехархоша а, т1екхуьучу т1аьхьено а. Делахь а, нохчийн мотт 1амор,  цунах пайдаэцар а кхечу т1ег1ан т1ехь хила дезара. Цу хьокъехь хьехархоша шайна юккъехь динчу къамелан теш хилла со. Дахарехь цхьанна а декъаца иза боьзна цахиларо, латтабо нохчийн мотт х1инца болчу хьолехь, бохура цара. Доьзалехь бийцар доцург, кхид1а массанхьа а лелош, буьйцуш берг оьрсийн мотт бу. Белхан рицкъ маттаца дозаделла воцчунна, иза к1орггера ца хиъча а, ша чекхвер ву аьлла, хета. Школашкахь, кхечу дешаран заведенешкахь а 1амош йолу предметаш а, белхан г1уллакхаш д1адахьар а нохчийн маттахь хилча, цу декъехь йолу проблемаш д1аевр яра. Кегий долуш дуьйна берашна ц1ердешнаш а, церан легарш а шарлур дара. Билгалдош, хандашах къасто 1емар дара. Ц1ерметдош муха лело деза а, иза терахьдашах муха къастало а гур дара. Нохчийн маттахь долу 8 дожар девзар дара, мукъачу а, мукъазчу а аьзнашца гергарло а тосур дара. Уггаре коьртаниг, муьлхха мотт схьаэцча а, вайн мотт уггаре хаза буй а хуур дара.
1илманчаша а, хьехархоша а, журналисташа а ондда къахьоьгу нохчийн мотт кхиорехь, 1аморехь, баржорехь. НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца нохчийн мотт кхиорехьа  деш дуккха а г1уллакхаш ду.  Яздархоша керла произведенеш арахоьцу. Драматургаша керла пьесаш язйо. Шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь боккха тидам т1ебохуьйту нохчийн маттахь кечъечу материалашна. Нохчийн маттахь арахоьцуш ю книгаш, «Даймохк» газет, журнал — «Орга». Телевиденехь а, радиохь а кечйо тайп-тайпана программаш.
Тешна хир ду, х1ара  Кинон шо а хилча, герггарчу хенахь вайн махкахь нохчийн маттахь  документальни а, исбаьхьаллин а фильмаш а йохуш, дуьненарчу кхечу пачхьалкхашкахь уьш гойтур ю, аьлла. Цара вайн мотт а, цуьнан хазна а гучу а йоккхуш, нохчийн мотт дуьненчохь уггаре а коьрта хилла д1ах1уттур бу.

                       

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля