Ненан мотт — дахаран хазна

Нохчийн мотт (оьрс. Чеченский язык) — вайнехан меттанашна юкъа богIу мотт а, нохчийн къоман мотт а бу.Нохчийн мотт баьржина Нохчийн Республикехь, ГIалгIайчохь, ДегIастанан Хаси-Эвлан кIоштахь, Iовхойн кIоштахь, Бабаюртан кIоштахь, Кизилюртан кIоштахь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. Россехь нохчийн мотт шен барамца пхоьалгIа меттехь бу (оьрсийн, ингалсан, гIезалойн а, немцойн а меттанел тIаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официалан мотт а, кхин ДегIастанан литературан меттанех цхьа мотт а бу иза. Iилманчашна хетарехь, нохчийн йозанан истори шен орамашкахь дукха генара схьайогIуш ю. Кхо-диъ эзар шо хьалха баьхначу хуррой, урарташ олучу къаьмнийн йоза туьдуш, Iилманчаша пайдаоьцу хIинцалерчу вайнехан меттанех а. Ширачу урартийн, хIинцалерчу нохчийн меттанашкахь цхьаьнайогIуш алссам меттигаш карайо. Уьш ю лексикехь, морфологехь, синтаксисехь, дошкхолларан кепашкахь. Оцу а, кхин болчу а историн хаамашна тIе а тевжаш, дуьненахь а шайн цIерш евзаш болчу Iилманчаша билгалдаьккхина: нохчий, гIалгIай, бацой шех схьабевлла долу шира къам Урарту пачхьалкхерчу къаьмнийн маттаца шен мотт цхьаьнабогIуш хилар. Цу тIе а доьгIна урартийн зайла туху йоза нохчийн а шира йоза ларало, боху Iилманчаша.
Нохчийн йоза заманан йохаллехь хийцалуш схьадеана. Историн а, идеологин а хьелашка хьаьжжина йоза гIеллуш а, довш а хенаш яьхкина. Амма кхечу графикин бух тIехь юха кхоллалуш хилла нохчийн йоза. Иштта Iилманчаша билгалдаьккхина цхьаьна хенахь ширачу нохчаша грекийн а, цул тIаьхьа эрмалойн а графикица долу йоза лелийна хилар. Ткъа хIинцачул XI-XII бIешо хьалха Нохчийчохь гуьржийчуьнца догIуш долу йоза лелла хилар а чIагIдо Iилманчаша. XV-XVI бIешерашкахь Нохчийчу бусалбан динца цхьаьна Iаьрбийн йоза деъна. Нохчийчохь хьуьжарш яхка йолийна. Хьуьжаршкахь Iамош хилла Iаьрбийн йоза а, бусалбан дин а. ТIаьхьо Iаьрбийн йозанах пайдаоьцуш нохчийн абат кхоьллина, нохчийн маттахь жайнаш а, кхин болу дешаран гIирсаш а арахецна.
Буьйцучу маттаций бен цхьа а хIума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хIуманах лаьцна хIумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.
Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХIора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а оьздангаллин бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду.
Яздархочо К. Паустовскийс нийса яздина ненан маттах лаьцна дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан оьздангаллин барам къастийна ца Iаш, цуьнан гражданийн мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь, маьIна долуш бац.
Мотт вай Iама а бо, дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц, саццаза Iамо декхар а ду…»
Мотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш юкъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гIирс бу. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Iилма а, оьздангалла а — адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гIодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чIогIа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дIадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегI ду, ткъа ойла меттан сурт ду.
ХIума хааран а, хIуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Iаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хIуманах вайн болу кхетам бу. Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.
Iилманхоша дерриг а дуьненахь 3000 сов къоман мотт лерина, кегий, даккхий къаьмнийн меттанаш лерича. И меттанаш, вовшашна герга а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, меттанийн тобанашка декъало. ХIора меттанийн а тIехь, тайп-тайпана башхаллаш ю. Уьш вовшех къаьста меттан дешнашца а (лексикаца), цуьнан грамматикица а. Вовшийн гергара хиларе терра, славянин меттанийн тобана юкъадогIуш ду ду оьрсийн, украинийн, белорусийн, болгарийн, полякийн меттанаш, ткъа вайнехан меттанийн тобана юкъадогIуш нохчийн, гIалгIайн, кIистойн меттанаш.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля