«Халидов Айса: «Ненан маттах лаьцна…»

Оьрсийн г1араваьлла вевзаш волчу яздархочо Лев Толстойс аьлла: «Нохчийн мотт кхоччуш хаахь, иза дуьненахь уггар хазачу меттанех цхьаъ бу». И дешнаш цо ларамза аьлла дац, х1унда аьлча сийлахьчу классика дуккха а болх бина нохчийн меттан хаза аг1онаш шена схьайоьллуш.Таханлерачу дийнахь вайн мотт шен кхиарехь уггар леккхачу т1ег1ант1е ца баьллехь а, иза к1орггера 1амош а, кегийрхошна юкъахь цунах долу шайн шуьйра хаарш довзуьйтуш а, даржош а бу нохчийн 1илманчаш.
Царалахь тоьллачех цхьаъ ву филологин 1илманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан а, литературан а кафедран куьйгалхо Халидов Айса (Муса). Иза вина 1954-чу шеран 10-чу ноябрехь Казахстан республикан Талды-Кургански областан Текели олучу г1алахь. 1960-чу шарахь Халидовг1еран доьзал Даймахка ц1абирзина. 1972-чу шарахь цуо чекхъяьккхина Соьлжера юккъера школа. Оццу шарахь Айса Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша х1оьттира. 1илма 1амо иза студент волчу заманахь дуьйна волавелира. Кхиамца университет чекхъяьккхинчул т1аьхьа иза Петрозаводскан пачхьалкхан университетан аспирантуре деша вахара. 1998-чу шарахь цуо кхиамца ларйина кандидатски диссертаци («Полипрефиксальные глаголы в языке русского фольклора»). 1999-чу шарахь Гуьржийн пачхьалкхан 1илманан академин меттан 1илманан институтехь цуо иштта кхиамца ларйина докторски диссертаци.
Халидов Айса 115 сов 1илманан публикацин автор ву. Уьш зорбане евлла вайн республикехь а, республикан дозанал арахьа а – Москвахь, Тифлисехь, Ростов-г1алахь, Махачкалахь, Петрозаводскехь. Оцу белхашна юкъахь ю барх1 книга а, 2003-чуй, 2004-чуй шерашкахь зорбане яьлла ши монографи а.
Халидовс бинчу 1илманан белхашна юкъахь уггар мехала лара мегар ду 1997-1998 шерашкахь зорбане яьлла «Х1инцалерачу оьрсийн меттан морфологи» ц1е йолу шина декъехь лаьтта книга. Оцу пособих пайда оьцу луларчу республикийн студенташа а, хьехархоша а.
Цу хенахь а, х1инца а оьрсийн маттаца бан-м бо болх, х1етте а коьрта 1алашо нохчийн мотт бовзар, кегийрхойшна иза 1амор ю. Ас х1етахь жимчохь а ойла йинера, оьрсийн мотт талла а, 1амо а шортта нах бу, шаьш оьрсий а, оьрсий боцурш а, аьлла. Иза д1атесна а буьтур бац. Нохчийн маттаца шовкъ йолуш к1еззиг нах бара х1етахь. Ткъа оцу болчарна т1е со а кхетча, цхьа г1уллакх хила мегар-кх кхуьнах аьлла, д1аволавелира со. 80-чу шерашкахь дуьйна вайн нохчийн матта т1ехь къахьоьгуш схьавог1уш ву со. Айса мехала г1уллакхаш дина бохуш дийца башха товш а ца хета суна.
Цара и сацам бина ши шо сов хан ю моьтту суна. Шайна лууш дерг хьалха даьккхина дина хир ду-кх цара и. ЮНЕСКО-с оцу меттанашна юкъа бахийтарх, нохчийн мотт д1абаьлла а, я д1абала герга бахна а бац. Делан къинхетамца иза оцу новкъахь бац. “Миноритарни меттанаш” олуш цхьа кхетам бу 1илманехь. К1еззигчу нахах лаьттачу тобано буьйцучу маттах я йоза а, дешар а доцуш къомо бийцар а лаг1динчу меттанех миноритарни меттанаш олу. Языковое меньшинство олу царах, оьрсийн маттахь аьлча. Цунах лаьцна дерг ЮНЕСКО-хь болчарна дика хаа дезаш ду. Мотт кхиа хьелаш ца хилча, оцу маттахь арадовлуш газеташ я книгаш ца хилча, и мотт болчу къомана де-дийне мел долу и мотт бицлуш хилча, т1аккха бахийта декхар ду и леш болчу меттанашна юкъа. Ткъа вайна гуш ма-хиллара, вайн маттехь дерг кхин хьал ду. 
Вайн мотт кхуьуш бу, зорбанехь арадовлуш газеташ ду, журналаш ду. Яздархоша а, поэташа а, кхиболчу меттан говзанчаша а арахоьцуш шайн книгаш, гуларш ю. Нохчийн маттахь къамел деш 1,5 миллион стаг ву. Нохчийн маттахь 1илма а ду. Иза ишта доллушехь, цара и леш болчу меттанашна юкъа х1унда бахийтина ца хаьа. Шайн цхьа 1алашо кхочуш еш лела хир бу-кх уьш, вай цу къайленашна т1аьхьа кхууьр дац. Амма цхьа х1ума-м ду – шаьш и сацам бечу хенахь уьш 1аламат ч1ог1а галбевлла, х1унда аьлча нохчийн мотт нохчийн къам мел деха, Дала мукълахь, цкъа а лийр болуш бац.                                                                              Бакъдерг ма-дарра аьлча, х1инцалера кегий нах дешарна т1ера бац. Тхо долчу хенахь ишта дацара аьлча, нийса хир дац, х1унда аьлча даима вай и бахахь, оьрсийн яздархочо Тургеневс язйинчу «Отцы и дети» романчохь ма-хиллара, цкъа а къастацалун дов а, къовсам а хир бу цунах. Даима кегирхой а бехке бан ца оьшу. Амма церан дешаре болу безам а, дешарна т1ег1ертар а хьалха хиллачул ледара ду. Вайна ма-хаъара, вайн республикехь хилла ца 1аш, йоллучу пачхьалкхахь а студентийн терахь хьалхачуьнца дуьстича, дуккха а алсамдаьлла. Х1унда аьлча, цхьаццаберш университетан кертара ара бовлуш диплом бен кхин х1умма а ца оьшуш бу. Диплом хилчахьана, кхидерг ша д1анислур ду моьтту хир ду-кх царна. Дешар а дезаш, к1орггера хаарш а долуш, дика говзанчаш а хилла д1абаха дагахь берш хьалхачул к1еззиг бу. К1еззиг бу, амма бан а бац ала мегар дац. Аспиранташ а бу, цаьрца болх беш а бу. Вайн диссертационни кхеташо а ю, цигахь диссертацеш лар а йо. Бакъдерг дийцича, цигахь кегийрхой к1еззиг хуьлу. Цхьана хенахь ц1еххьана девлла т1емаш бахьана долуш, шаьш долийнарг чекхдаккхаза а бисина, х1инца шайн диссертациш ларъеш берш а хуьлу. Цундела кегийнаш цигахь к1езиг хиларан бахьнаш а тайп-тайпана ду.
Цул совнаха, юьхьанцара классаш нохчийн матте яьхча, оьрсийн мотт д1атоттуш а бац. Мелхо а оьрсийн меттан сахьташ алсамдаха а дезар ду. Пхоьалг1ачу классашкахь дуьйна оьрсийн маттахь а хир ю программа. Иза вай дуьххьара д1адолийна х1ума а дац. Вай х1инца бен дуьйла а ца делла и дийца. Вайна и дага а дале, шайн маттахь хьеха а хьоьхуш, схьабог1уш бу кхин нах а, масала, х1ири. Вайна ма-хаъара, б1ешерашкахь дуьйна оьрсашца ч1ог1а дика юкъаметтигаш йолуш схьабог1уш а бу и нах, х1етте а цара шайн мотт тесна ца битина. Шайн матте цара юьхьанцара школаш яьхна барх1 шо ду-кх. Вай санна дукха дийцаре а ца доккхуш, чехка шайн программа а кхоьллина, Хьехархойн институте леррина и г1уллакх кхочушдан кафедра схьа а йиллина, шайн болх беш бу и нах. Ткъа вай х1инца а дийцина а ца девлла. Схьа хетарехь, и г1уллакх кхочушдан цхьана а аг1ор новкъарло хир яц вайна. Вай хьалха а ма хилла нохчийн маттахь хьоьхуш, сол бакхий болу, 30-шерашкахь дешна болу 1илманчаш массо а нохчийн маттахь дешна ма бу. Уьш х1умма а ледара говзанчаш а бац, царна к1орггера, нохчийниг санна, оьрсийн мотт а хаьа.
Таханлерачу дийнахь хьехархошкахь долу хьал дика дац-кха. Х1унда аьлча царна шайна, шайн доьзална тоъал луш алапа а дац. Цаьрга 1амадайта шайн бераш д1аоьхуьйтуш долу дай-наной церан пусар деш а дац. Суна хетарехь, хьал дикачарех дац церан, амма вай долчунна реза хила деза. Х1унда аьлча вайга дешархой а я церан дай-наной а хийцалур бац. Мухха делахь а, дукхах болу хьехархой шайн болх беза а безаш, бан ма-беззара и кхочуш а беш схьабог1уш а бу. Цундела церан цхьажимма мукъне а сий дан дезара-кх массара а. Дала церан аьтто а бойла!
                                                                                                                      

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля