Бувайсар Сайтиев

Аьккхийн лом
Сайтиев Бувайсарна
Б1аьстенца аренгахь
Зезаг ду товш,
Ткъа бешахь-ношбелла стом.
Мел хало язъяларх,
Собарца ловш,
Ламанца товш хуьлу лом!
Дикачу к1антах
Олу г1айракх,
Атта лов цо
Машар-т1ом.
Малхе ойъуш
Нохчийн байракх
Къар ма лолахь
Аьккхийн лом!
Къовсаршкахь, лом санна,
Г1аьттира хьо,
Кхерстира б1аьргашкахь суй.
Г1аьттира халонна,
Б1о ца къажо
Хаара хьо нохчо вуй!
Ахь эрна д1акхиссарх
Хьал, бахам, рицкъ
Ца йоккху къонахчун ц1е.
Толамна ца тоьу
Беккъа цхьа ницкъ.
Хьан даг чохь ца ягахь ц1е!
Хьан кийрахь догура
Даймехкан нур,
Кхерстара толаман суй.
Са кхачош ч1аг1белча
Къийсаман к1ур,
Хаара хьо нохчо вуй!
А-Х.  Хатуев
Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля