НЕНАН Б1АЬРХИШ

Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш, 1алашвора цара шайн к1ант.К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, нуьйран г1ирссий, т1емалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн к1антана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, ц1ера ара-м ца волуьйтура цара иза.Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу к1антана а лиира цаьрца ваха.
Дений, нанний т1евеъна, цо элира:
— Со а вахийтийша юьртарчу к1енташца дуьнене б1аьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала. 1уьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, дог1ано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара 1уьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, г1елашна сагатделла сира сай г1ерг1аш ладог1а, 1аннаш, даккъаш декош, мацалла уг1учу барзе ладог1а… Вахийтийша со к1енташца дуьнене б1аьрг тоха.
— Х1ан-х1а, к1ант ма г1олахь. Пурба дац хьуна! — элира къеначу дас.
— Со къинт1ера ца ели хьуна, к1ант, хьо водахь! — элира нанас.
Юьртара к1ентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу к1ант висира кхерчан а, ц1ийнан а гонах хьийза.
Цхьа хан яьлча, юьртара к1ентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний т1евеъна, к1анта элира:
— Со а вахийтийша к1енташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечано ижонна мохаюьллуш ган, цуьнан ирачу м1араш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш д1а-схьа яржош, и кура леча чудаийта, лечанан м1арех к1елхьарадаьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу 1аьрчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара, иччархочух ларбалархьама генна д1акхарстийна сирла б1аьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха т1ехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе* б1аьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дег1 лардеш пха тоьхна, маь1ах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьнен чохь шел сема х1ума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар** къахкийна, эккхийна лаца, дуьнен чохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу б1аьргаш чу хьаьжна, хьаьстина, иза д1ахеца, къизчу ичархойл дукха дуьнен чохь къинхетамен нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со к1енташца экханна талла.
— Ваха пурба дац хьуна, к1ант, ма г1олахь! — элира къеначу дас.
— Со къинт1ера ца ели-кх хьуна, к1ант, хьо водахь! — злира нанас. Корта охьаоллийна д1авахара к1ант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура к1ант.
Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостаг1 ву т1ег1ерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо.
Юьртара к1ентий, къонахий кечбелира мостаг1ашна дуьхьалбовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира г1аг1 дег1е а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, к1ентан да а вахара мостаг1ашна дуьхьал, шен к1антана а ца хоуьйтуш, лата везачохь — лата а, вала везачохь — вала а.
Шел хьалха д1акхаьчна, мостаг1ашца т1аме х1иттина т1емалой карийра цунна. Къаьсттина ч1ог1а т1ом беш вара цхьа цавевза т1емало. Юьхь т1еоьзна з1енийн цхар, т1едуьйхина болатан барзакъ. мостаг1ийн декъех саьлнаш х1иттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.
— Мила ву и ч1ог1а т1ом беш волу т1емало? — аьлла, хаьттира воккхачу стага дас.
— Иза хьан к1ант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика к1ант кхиийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! — элира т1емалоша.
Амма хала дара и к1ант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. Массо а цхьаъ санна цхьаьний т1елетира уьш оцу турпал к1антана. Вуьйжира к1ант. Велира турпал. Т1аккха т1етаь1ира ламанхой мостаг1ашна. Х1аллакбира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу т1еман арахь мостаг1ийн…
Г1оьмакхех, таррех барма а дина, т1е верта а тесна, ларвеш цу т1е а виллина, ваьхьира т1емалоша к1ант — турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кет1а…
Болатан г1аг1 малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа т1ера сирла нур г1уьттуш.
— Х1ей вежарий! Собарделаш! — элира к1ентан дас. Севцира нах. Вистхилира к1ентан да:
— Къонахий! Сан ницкъ кхочур бан, к1ентан нене х1ара ирча кхаъ д1ахаийта… Со кхоьру х1окху кхоо нана а ерна… Вац шуна юккъехь маттана говза, нене к1ант валар д1ахаийта? Массара кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцушд1атийра къонахийн, т1емалойн тоба. Г1еххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламанан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.
— Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца к1ант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! — элира воккхачу стага. Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира к1ант вина нана. Цунна гира вист-хуьлуш стаг воцуш, г1айг1ано кортош охьаохкийна лаьттачу т1емалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу т1емалочун дакъа…
Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш, бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… Ц1еххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан г1ерг1ар хазийра, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар хазийра. Цуо дуьйцура к1ант-т1емало мел майра, доьнал долуш кхиънера. Т1аьххьара а, т1еман герзаш вовшахдетталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостаг1ий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, т1еман марсаллехь майрачу к1антана т1ера барзакъ болатан г1овг1анца декаш санна… Цо дуьйцура к1ант-турпал мостаг1ех мел майра летта, цо уьш муха х1аллакбина. Т1аьххьара цхьа сирла ц1ена аьзнаш г1евттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан з1аьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех цкъа а церан лийриг цахиларх…
Боьлхура пондар, тийжара пондар.
Ладоьг1ура к1ант винчу нанас. 
Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана… Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостаг1ех. Дуккха а х1аллакбинера цуо уьш. Веллера ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. Г1айг1ане йирзина цуьнан йиш…
Боьлхура пондар. Тийжара пондар…
Довха б1аьрхиш хьевдира ненан б1аьргех…
Къора узарш деш бекачу пондарна т1етевжира к1ентан нана.
Боьлхура пондар, йоьлхура нана…
Мацца цкъа нана т1ера д1аайелча, цецах санна 1уьргаш девллера пондаран уьн т1е. Ненан довхачу б1аьрхиша дагийнера иза. Кхин а ч1ог1а г1арабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула д1аоьхура цуьнан аз. Цуо х1инца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу г1айг1анах, къахьонах, балех.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
Дег1 нисдеш, айаелира к1ант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:
— Со къинт1ера ели хьуна, сан к1ант!
— Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! — йийкира къонахийн тоба.
— Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! — геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша… Боьлхура пондар, тийжара пондар…
— Аса декъалво хьо, сан к1ант! — мохь туьйхира нанас.
— Оха декъалво хьо, тхан турпал! — йийкира къонахийн тоба.
— Оха декъалво хьо, тхан турпал! — геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
Оьгура ненан б1аьргех довха б1аьрхиш… сийлахь латта а дашош!..

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля