Кегийчаьргахь яхь муха кхио еза

Вайна дика дагадогIу нохчийн халкъан барта кхоллараллин иллеш тIера иштта дешнаш: «Нанас дена ма войла яхь йоцу ва кIанат, и вича ма ваха хIара латта ва хьеша». Цу дешнашкахь юьйцург яхь ю, цуьнан мах халкъо лакхара хадош хилар ду. Стаг яхьо лелош хилар билгалдоккху наха. Амма муха кхета веза оцу дашах? ХIун чулоцу цо? Стагехь яхь хилар я цахилар бохург хIун ду? Цу кепара хаттарш хIуьтту вайна хьалха, яхь бохучу дешан маьIна дан вай доьлча. Яхь – иза шегара дикалла, оьздангалла, комаьршалла, гIо дан кийча хилар, муьлххачу а хIуманна тIехь нахал оьшуш цахилар гайтар ду. Иза доккха маьIна а, цу маьIнин кIорггера чулацам а болуш кхетам бу. Йохьанца оьздангалла ю, оьздангаллица гIиллакх ду, гIиллакхца ларам бу, ларамца уьйр-марзо ю, ткъа уьйр-марзо йолчохь барт а, беркат а ду. Дерриге а диканиг цхьаьнадоьзна, цхьана зIенехь схьадогIуш ду. Цундела мехала а, ца хилча ца долуш а ду вайн тIаьхьенехь и дика х1уманаш вайн берашна а, берийн берашна а довзийтар, царна уьш Iамор, цаьрга уьш леладайтар.Мацах цхьана доьзалан да, дуьненчохь йоккху хан яьккхина а ваьлла, Iожаллин метта вижина хилла. Ша вала воллий а хиъна, шен берашка схьакхайкхийтина цо. «Вай дуьненчохь къаста деза сахьт гергакхаьчна, сан бераш. Шуьга ала цхьа хIума дара сан. Ас шуна баккхий бахамаш ца буьту. Дас дитина даьхни къуьйсуш, нахала довла меттиг яц шун. Делахь а меца а, гIийла а ца дуьту ас шу, сагIа доьхуш, нехан неIарна тIе хIитта дезар дац шун. Со хьанал ваьхна, шортта къа а хьегна. Ас сайна доьгIна рицкъа хIокху куьйгашца даьккхина. Шуьга а боху ас: хьанал дахалаш, нехан хIуманах ма хьегалаш, иза еза-м муххале а ма езалаш. Шайн цIе дикачу агIор яккхийталаш. Яхь йолуш хилалаш – цуьнга кхочуш хIумма а дац, шуна. Яхь йоцу стаг вайна а, дакъазаваьлла а ву, иза шена а, нахана а пайден вац. Бертахь даха, вовшашка а, ткъа уггаре а хьалха нахе а ларам хила. Дика а, бертахь а шу хилахь, наха лорур ду шу. Наха ца лоручу стеган цхьа а мах бац, шуна».
Муьлххачу а дас шен доьзале бен болу хьехам бу-кх иза. Дена а, нанна а шайн доьзал дика хила лаьа. Дахарехь кхиаме а, таро йолуш а, нехан цаьрга ларам болуш а. Амма иза иштта хилийта къахьега деза – ша-шаха хир ма баций доьзал оьзда а, къинхьегам безаш а, яхь йолуш а. Кегий болуш дуьйна кхио деза цаьргахь гIиллакх-оьздангалла, гонах болчаьрга йолу уьйр-марзо, къахьега лаар. ТIаккха баккхий хилча, гIоза-декъал бехар бу уьш.
Дай-наноша дукха хьолахь шайн бераш кертахь я чохь дечу гIуллакхах кхоадо, ткъа иза, цхьа хан а яьлла, уьш баккхий хилча, бале долу. Жимачохь дуьйна къахьега ца Iеминчу доьзалх хила ма-безза доьзал ца хуьлу. Уьш хазачу бедарх, мерзачу юучух бен Iеха а ца луш лела, даккхий хиллачу дех-ненах къа а ца хеташ. Дера, шен доьзалхо ца везаш цхьа а хир ма вац. Амма хьайна цунна дика болх хила лаахь, балхе марзве иза, муьлхха Iамаяй а, цхьа говзалла Iамае цунна. Баккхий а хилла, кегий нах бу вайна юкъахь цкъа а кара бел я диг а эцаза. Шен цIахь, чохь долу гIуллакх дан ца хуучу жимачу стагах хIун до? Цхьаболчара ала там бу: «Ахча делчхьана, муьлхха а болх бан говзанчаш болуш бу». Бу, хьаха, уьш-м, дера бу. Гуттар а царна ахча кхийдийна вер вуй? Цхьадолу хIума ша дан а мегар дац? Эццахь ма оьшу яхь! Жимачу стеган я йоьIан хIунда яц шаьш санна болчу кхечаьрца яхь? Дерриге а ца дахь а, цхьадолу гIуллакх: керт цIанйина, диттан га хадийна, доьхна гIант тодина, баьгна стогар хийцина, кир-басар дина, маха баьккхина я кхидерг дина, шаьш дан а мегар ду, нахе, ас ахча лур ду хьуна, де а ца бохуш. 
И лакхахь хьахийнарг дечу гIуллакхашца доьзна хIума ду, ткъа яхь оьшуш меттигаш-м кхин а ю шортта. Уггаре а хьалха: нахана юкъахь оьзда а, гIиллакхе а хиларна тIехь, шегара гIо оьшуш меттиг хилча, орцахваларехь, комаьрша хиларехь, шен дош лардарехь ю яхь гайта езаш меттигаш. Шен доьзалехь яхь а, нохчийн хаза гIиллакхаш а, къинхьегаме марзо кхиор а ду ден-ненан декхар. Доьзалхо кхиор боккха болх бу, къахьега дезаш хIума ду. «Берана терго оьшу», –  лаа ма ца олу халкъалахь. Бер шен лаамехь дитар, цунна луъ-луъург дар зуламе долу бохург ду иза. Шен доьзалхо тергонехь гуттар а хила веза, цунна тIехь Iуналла оьшу, ур-атталла куьг коьрте кхочучу иза ваьлча а. Ден-ненан хьехар ца оьшуш зама цкъа а йогIур яц берана. Бертахьчу доьзалехь кхиъна кIант а, йоI а, шайна а бевлла, уьш охьахевшича а, деца-ненаца уьйр а йоцуш цкъа а дехар дац. Ткъа дас-нанас  шайгара дика масал а гойтуш, кхиабо уьш. ХIунда аьлча уггаре а хьалха цаьргара диканиг, пайден дерг схьаоьцу бераша.  Да-нана бертахь а, оьзда а, хьанал къахьоьгуш а хилахь, церан доьзал а иштта хир бу. Уьш шайна а, нахана а пайден хир бу.
Хьалха вайн баккхийчара олура: «Серах ца бина хIоз хьокханах балур бац». Жимачу хенахь дуьйна къахьега а, гIиллакх лело а, диканиг дан а Iамо беза вай вешан доьзалхой. Дика а, бертахь а доьзал – вайн дика кхане ю, ткъа уьш шайна ма-хетта а лелийтина, баккхий хилча, уьш нисбан вай дуьйладелча, тIаьхьа хир ду, «царах хIоз балур  бац». 
Дерзош, кхин цхьа шира дийцар дало лаьара суна. Мацах, ширачу заманашкахь, цхьана ден цхьаъ бен воцу кIант хилла. Ден-ненан хьоме хилла иза. Нанас дех къайлах сом луш (хIетахь сом гIеххьа  ахча хилла), цунна оьш-оьшург латтош, балхах куьг ца тухуьйтуш, ларвеш хилла и кIант. Цхьана дийнахь дас тIе а кхайкхина аьлла цуьнга: «Хьажал, кIант, со хIинца воккхахилла, со гуттар а лаьттар вац хьуна. Хьуо висча, къа ца хьегча вер вац хьо. Вало, ара а валий, хьайна болх а лаха, наха хIун леладо а хьажа, айхьа даьккхина ахча суна гайта схьа а да».
Шега дас аьлларг нене дийцина кIанта. Нанас аьчка сом а делла, сарралц цхьанхьа хан а яккхий, цIа вола аьлла. Сарахь цIа а веана, нанас шега делла сом дега дIаделла кIанта, ша, болх бина, даьккхина иза  аьлла. Дас сом цIе йогучу товхана кхоьссина: «Ахь даьккхина дац хIара», –  аьлла. КIант вист а ца хуьлуш дIавахана. ШолгIачу дийнахь а изза дина дас шега кIанта деллачу керлачу соьмах. КхозлагIа а кIант сом деха тIевеача, нанас аьлла: «КIант, соьгахь кхин ахча дац, балха ца вахча вер вац хьо». Дийнахь сарралц нахана болх а бина, хала даьккхина сом а дахьаш цIа веана кIант. И сом а хьалхалернаш санна, цIерга кхоьссина дас. «Дада, ахь хIун до? Ас нахана латта а охкуш, тIулгаш а кхоьхьуш, хала даьккхина сом ма ду иза! – вахана, товханара цIе дIаса а хьаькхна, сом схьаэцна кIанта. «ХIинца теша со, и сом ахь, къа а хьоьгуш, даьккхина дуйла. Ша даьккхинарг иштта деза ду хьуна, сан кIант, цуьнан хама бан хаалахь». Иштта шен кIантана къинхьегаман мах хадо Iамийна цу дас, хьанал даьккхинарг деза дуйла а, иза лардан дезийла а хоуьйтуш. 
Цу тайпа масалш дуккха а ду, царах пайда эца а, диканиг схьаэца а вайна хиъчхьана. Тахана вайн оьшург хIун ду? Вайн берашна, цаьрга  наггахь телефонаш охьа а йохкуьйтуш, цIахь гIуллакх дан Iамор, нахаца хIун юкъаметтигаш хила еза, хIун гIиллакхаш лело деза хьехар, яхь хIун ю, иза маца а, мичахь а гайта еза дийцар. И болх вай биллина беш хилахь, халкъан дикачу кханене сатийса йиш хир ю вайн.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля