НЕНАН МОТТ — НЕНАН СИЙ…

Iабдулнесаран Iумар

Сий ойъуш ца бийцахь вай  ненан мотт,
Хан — зама яларца хир ду вай готт.
Мотт байча, шеко яц, д1адер ду къам,
Цундела вайн маттан бан беза хам!

Маттаца г1иллакх ду.Сий — т1алам, яхь,
Вовшашлахь бийциша, денна и ц1ахь.
Ков — кертахь. Нахалахь — ца хеташ эхь,
Даггара дукхбезаш, сий а деш т1ех.

Ненан мотт — Ненаца уьйр йолуш бу,
Ненан сий деш воцург къонах а вац.
Ишттаниг Мохк тесна д1аг1ур а ву,
Мотт байча Даймахкахь лаьттар ду дарц.

…Да — Нана д1атосий, д1аоьху вай,
Цу пана махкахул, х1ун лоьху, х1ай?
Маттаца д1ахадош безаман тай,
Мотт байча хир ду вайх, шеко йац, лай…

Ненан мотт — Ненан сий. Дахаран хазна,
И байна дисича хир бац вайн мах.
И бакъдерг вайн дайша дуьцуш а  хезна,
Мотт байча дуьне а лур ду вайн къахь.


Умар Якиев

Я лучше погибну с родным языком…

На русском наречье тебя, поздравляя,
Здоровья желаю тебе, долгих лет.
Чтоб жил ты, родной свой язык, сохраняя,
Иначе в печали мы встретим рассвет.

На русском мы пишем. Великом могучем,
А свой забываем. И в школе не учим.
И дома общаться на нем не хотим,
Он нами же, люди, скажу, вам гоним!

Язык позабывший, забудет и Мать,
Отца и Отчизну он, может, предать.
Такой и с моралью не будет дружить,
Стране и народу не станет служить.

И будет лишь жить он себе на уме,
Вне родины, даже писать и досье.
И дети не станут родной изучать —
Язык материнский, хоть будут терять.

Язык забывая, теряем намус,
Поклясться я в этом, друзья, не боюсь.
Он, коли исчезнет. Готов умереть!
Народ без наречья не может гореть.

…В тиши затухая, он будет лишь тлеть-
На это бессилен… я  буду смотреть.
Я лучше погибну с родным языком,
— Народ без наречья, — чем жить с ярлыком.


           Ненан Мотт
Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» —
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш — ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо чьалха вуй!

             ДИКАЛЛЕХ

Дикалла… И маца кхачийна? Хьенан?
Дуьне а Дикаллех кхоьллина Дала,
И маьлхан зIаьнаршца комаьрша Iена,
ТIейолху догIанца, лайн чимашца а.

Алийша, ва нах, хIай, алийша, хIунда
Дац-те вай комаьрша хазачу дашна?
Алийша, доьху ас, алийша, хIунда
Ю-те вай Дикалла кхоош вовшашна?

Хьовсийша — стигал мел сирла ю, сийна!
Мел цIена, догдика, юьхь санна беран!
Делийша, адамаш, серлонан сийнна,
ДIалахкий мархаш шайн яххьашна тIера.

Дикалла хьулйо вай дегнаш чохь вешан,
ДIагойтий бендацар я оьгIазалла.
Алийша, хIай нах, аш, со кхетавейша:
Мичара яьлла вайн саьхьар писалла?

Хьовсийша, нах, малхе, къежачу сирла,
ЗIаьнаршла, бер санна, безам хьарчийна.
Къежийша вовшашна цу маьлхан сийнна —
Вайн — адмийн — дегнаш ду малхо латийна!
                             
                              Арсанукаев Шайхи


                  ***
Ца хаьа, ца беза, ца оьшу бохуш,
Ненан мотт сийсазбеш цхьаберш ма бу.
Ца хаьа, ца деза, ца оьшу бохуш,
Муьлхачу наноша хьистина шу?

Шуна шайн ненан мотт бийца къахьбелла…
Муьлхачу маттал  ткъа и  оьшуш бу?
Имама Шемала аьлла ма хилла,
Муьлхха а ирча дов и дерзош бу…

Муьлхха а паччахьца  и хьакъ бу бийца,
Муьлхха а йо1 1ехош, и мерза бу,
Чов ерзош, дарбане бу иза дагна,
Муьлхха а б1аьрг белош, забаре бу.

Ц1е яххна поэташ цецбаьхна хилча,
Вайн меттан хазалла х1унда ца го?
Вуьззина къонахчо и буьйцуш хезча, 
Хазачу вайн матто лайх эла во…

Ца хаьа, ца беза, ца оьшу бохуш,
Кура ма сеттае ахь и хьайн батт,
Мел дарже кхачарх а, хир вац хьо лоруш,
Сийсазбеш хьо велахь хьайн ненан мотт!

Хьекъалан, кхетаман, кхиоран г1ирс хилча,
Вай х1унда д1атоьтту вайн ненан мотт?
Х1ор дешан исс маь1на цо достуш хилча,
Д1а х1унда ца йоккху «лергара потт?»

Везачу вайн Дала совг1атна белла…
И совг1ат сийсаздан вайн бакъо юй?
Мила ву, шен нанна реза ца хилла,
И кхечух хийцинарг, алийша, вуй?

Багах мел долу дош ду ненан мерза,
Ерзаеш дагчуьра мел йоккха чов, 
Массо а баланех хьо ларвар доьхуш,
Х1ора дош до1а ду-деш долу дов.

Шен йоцчу х1усамехь вахалой- теша,
Мел веза хьаша веш, т1еэцарх хьо?
Хьайн йоцчу г1евлангахь  наб муха кхета,
Муьлха мотт бийцало г1енаха хьоь?

-Алал, бераш, девзий шуна
1алам  Даймехкан?
-Нана-Даймохк беза тхуна,
Мазал мерза тхайн…

-Дийцал аша, хьанна евза Олхазарийн  ц1ерш?
Толлур ду шун хаарш х1инца,
Цаьрца доьзна дерш…

-Девза тхуна вайн махкара
Царах  дукхахдерш:
Олхазарийн паччахь девза-
Аьрзу- сийлахь дерг…

Т1ам шера и леча девза,
Зарзар, ч1ег1ардиг,
Маккхал, г1ирг1а, лекъ а девза…
Алкханч, хьоза, къиг…

Девза тхуна шоршал, моша,
Г1ург1аз, мерцхаьлдиг,
Дарта, хьарг1а, кхокха, куьйра,
Х1уттут, кхорб1елиг…

Кхин д1а 1амо лаьа тхуна
Ерриг церан ц1ерш…
Вайн хьаннашкахь декаш хуьлда
Маьрша олхазарш!

Хьаннаш, бошмаш екош цара,
1алам  маьрша го,
Церан декаш иллеш зевне, 
Дахар ирсе  го!

-Вайн Даймахкахь кхин ма гойла
Т1еман къиза дарц,
Везчу Дала лар а дойла
Боккхучех ког харц!

             Татаева Хьурмат


Ненан мачийн кIажаш тIе а хIуьттуш…

Ненан мачийн кIажаш тIе а хIуьттуш,
Куьзганхьалха когабуьхьар хIуьттуш,
Кепе дерза тохаделча болар,
Харц ма хуьлда, йоI, хьан хьайх бIоболар.
И хьан болар чуьра арадаьлча,
КетIа даьлла, хийистте а даьлча,
Хир ду иза хьуна бIаьсте ялар,
КIенташна а хир бу иза бала.

Хьо кетIара йолаелча дуьйна,
Цу хьан когийн татанел а тийна
БIаьргаш хир бу хьуна тIаьхьа тебаш,
Хьегам хир бу церан хьох, ца Iебаш.

Цара хьуо дIалоьлуьйтур ю моттахь,
Царех хьайна кхерам бац а моттахь,
Хьо къинтIера я хьо дохкояккхал
Кхаъ бу хьуна сан а хьоьга баккха:

Нанас дена бинабоцучеран
Къа лайначу бехказлонна къера,
Хьегна, лезна сан а дог ду хьуна,
Хьан некъ лаца со а кIант ву хьуна.

Дуьненах тийсинчу некъаша

Дуьненах тийсинчу некъаша
Бахьанаш хIиттадахь йовза хьо,
Сайн седа-жайни тIехь декъала
Ган луур ду суна йоза хьох.

БIаьстенан мукъамехь дегачу
Аьзнаша вагийна волчу ас,
Хьан когабахаза хьегамаш
Iехийна, хIоттор яц холчу хьо.

Амма хьан синтемах хьаьрчар ву,
Къаьхкина эхартан кхерамах.
Хьан къинош сайна тIехьерчадеш,
Махьшаре хьур бу ас церан мохь.

                     Ахматукаев Адам

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля