Рамадан беттан дозалла.

Хууш ма-хиллара, вайна тIебеана рогIера беркате мархийн Рамадан бутт. Дукха хьолахь, къаьсттина кху баттахь, берриге а бусалбанаш вовшашца кIеда-мерза уьйр латтош, вовшашна къинтIера бовлуш, шайх вон дериг ца долуьйтуш хуьлу. Муха ларбан беза мархийн бутт дукхах болчарна хууш делахь а, юха а, и сайна а, шуна а, хьоме газетдешархой, карладаккха Iалашо йолуш, сан къамел хилира Хасавюртан Мичуринан цIарахчу поселкан имамца Тавсултанов Асхьабца.

-Асхьаб, вайна ма-хаъара, хIора шарахь имамаша мархийн бутт герга богIуш дуккха хьехамаш бо кху беттан дозаллех а, кху чохь мегаш доцург билгалдоккхуш а, иштта вайн Пайхамара Мухьаммада (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) марха кхабарах лаьцна битинчу хьехамех а лаьцна. 
Вайн къамел дIадолош марха кхабаран дозаллех лаций дийцахьа.
-Берриге хастам бу АллахIана. Иза хеста а во вай, Цуьнгара гIо а доьху вай, Цуьнгара гечдар а доьху вай. АллахIаца ларло вай вешан синойн, Iамалийн вонех. Дала нисвинарг галаваккха цхьа а вац, Цо галавала витинарг нисван а цхьа а вац. Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Ша Цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан. Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца (Делера салават хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а).
Дала мукъ лахь, Делан Шен доьхьа, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вайна гайтинчу некъаца нийса а догIуш, сайна хуучу барамехь, сайна меланна а, газетдешархошна хьехамна а марха кхабаран а, иштта мархийн беттан дозаллех а лаьцна дуьйцур ду аса.
Марха кхабаран дозаллех дийца дуккха а ду. Доцца хьахор ду  вай цуьнах лаьцна. Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адаман кIанта (йоIа а) йина йолу ерриге Iамал совйоккхуш ю – цхьаъ дика иттане, йа ворхIбаьIанга кхаччалца совдоккхуш, марха доцург. Марха кхобучунна шиъ хазахетар хир ду: марха достучу хенахь а, иза Далла хьалха хIуттур волчу заман чохь а. Марха долчу стеган багара йогIу хьожа Далла гергахь цIена а, хаза а ма ю миск-IатIарал».
Иштта, аьлла ду: «Марха кхабар – ларвалар ду. Цундела, шух цхьаъ марха кхобуш хилахь, вон къамел а ма де, оьзда доцуриг а ма далийта, галволу хIума а ма де. Нагахь санна марха кхобучуьнца цхьаъ девне вуьйлуш хилахь, йа цуьнга вуон вист хуьлуш хилахь, цо олийла: «Бакъдолуш, со марха кхобуш ву».-Марха лоцуш Iуьйкъанна хIума кхалларах а, иштта иза дастаран нийсачу некъах а лаций дийцахьа. -Марха лоцуш Iуьйкъана гIаттар а, шен хенан чохь иза дастар а дика ду. Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна)элира аьлла: «Iуьйкъанна яахIума юийла аша — бакъдолуш Iуьйкъе йарехь беркат ду».
Iамр ибн ал-Iаса дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Жуьгтийн а, керстанийн а мархийна а, вайн мархийна а юкъахь къастам бийриг Iуйкъанна юу яахIума ю».
СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адамашкара дика хедар дац, цара марха сихха мел досту».
Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIа аьлла: «Суна Сайн лайшна юкъахь уггар дукха везарг марха сихха достург ву».
Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба дин лекха лаьттар ду, наха марха сихха мел досту; жуьгташа а, керстанаша а марха дастар тIаьхьатотту дела». 
-Марха кхобучу ханна Iаддита деза къамел муьлхарг ду?
-Массо кхечу хенахь магийна доцу къамел, марха долчу ханна а ца магийна. Масала: гIийбат дар а, эладита дийцар а, иштта Дала хьарам дина кхин долу къамел а. Къаьсттина марха кхобучу ханна, шен мотт ларбан беза хьарам долу дешнаш аларх а, нехан сий дойъу къамелаш дарх а. Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Харц дерг дийцар а, цуьнца Iамал яр а Iад ца дуьтуш верг –АллахIана оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».
-Ткъа марха кхобучуьнга марха дастийтича хIу мел хуьлу?
-Марха кхобучуьнга марха дастийтинчунна мел хир бу и марха кхаьбначунна санна, цуьнан мелах цунна хуьлуш цхьа а иэшам боцуш.
— Марха кхобучо дечу доIанан дозалла муха ду?
-Марха кхобучуьнан доIанна Дала жоп луш ду. Иза достучу хенахь дичи, Дала духа ца туху и. Цундела марха досту хан Деле доIа деш яккха еза. 
Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхоъ стаг ву шайн доIа духа тухуш доцуш: нийсо еш волу паччахь; марха кхобуш верг, цо марха дастталца; шена зулам диначунна доIа а – нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа хьалаайдо иза марханашна тIехула, стигланийн неIарш а дIайоьллу оцу доIанна. Цундела шен марха долучу хенахь Деле дуккха доIа дан деза. 
-Марха стенца даьстича дика ду?
-Шух цхьаъ марха достуш хилахь, хурманца достийла цо иза, ткъа шена и ца карайахь, хица достийла цо: бакъдолуш иза цIена ду. 
Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша ламаз дале хьалха марха достура тIеда хурманашца, иштта ерг ца хилча екъачаьрца, уьш йацахь хи молура цо. 
-«Лайлатул-къадр» буьйсанан дозалла а, иза маца ларйан еза а. Цуьнах лаций дийцахьа.
-ХIокху чохь цхьа буьйса ю, эзар баттал дика йолуш. Цуьнан диканах ваьлларг  массо диканах ваьлла, ткъа цуьнан диканах вера вац шеца цхьа а ирс доцург бен. Къаьсттина, иза ларйан еза тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь.
 «Лайлатул-къадр» буьйса бакъ хиларх теша а тешаш, шена мел хиларе дог а дохуш, буьйсанна Iибадат динчунна гечдийр ду хьалха хилла долчу къиношна.
Iаишата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лайлатул-къадр» буьйса ларйе аш рамадан  беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь». 
-Рамадан  беттан тIаьххьарчу итт дийнахь-буса алсам къахьегар а, иIтикаф дар а муха дуьйцу вайн динахь?
-ТIаьххьара итт де уггаре а дезза лоруш ду мархийн баттахь. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дуккха а Iамал еш хилла оцу хан чохь. Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Рамадан  беттан тIаьххьара итт де тIедеъча, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) верриге Iибадатана тIевоьрзура, буьйса ламаз деш йоккхура, шен доьзал а хьалагIаттабора цо».
Iумаран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна): «Рамадан  беттан тIаьхьарчу итт дийнахь иIтикаф дора (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Пайхамара».
  -Дела реза хуьлда хьуна, ахьа иштта кхеттош хьехам барна. Ткъа вайн къамел дерзош, хIун ала лаьа хьуна газетдешархошка?-Массарна а хуьлда Дела реза. ТIаьххьара вайн къамел дIадерзош, суна кхайкхам бан лаьа вайн махкахошка. Цхьацца бахьанашца тилбелла, галабевлла нах хуьлу вайна юкъахь. Царна а, иштта бисинчу массо а бусалба нахана а Далла Iибадат дан мархин бутт уггаре беркате хан ю. ХIунда аьлча, мархано ша кхаьбначунна шапаIат дийр долуш ду Къемат дийнахь. Шена дезарг а, шен дегIан лаамаш а духатохарца, марха кхабаро бусалба стаг хIуъу а хало ловр йолуш собаре во. ТIаккха, дуненах Iехавалар кIезга а хуьлуш, беззачу мархийн баттахь Къуръан дешар, сагIа далар а, Дела хьехавар, суннат ламазаш дар, иштта кхин йолу дика Iамалш тIехь чIагI далар а алсам долу вайн массеран а. Кху Рамадан баттах бахьана а хилла, Дала нийсачу некъа воккхийла массо а бусулба стаг. -Амин. Дала меле дуьллийла хьуна, Асхьаб-хьажа, ахьа хьехнарг. Дала мукъ лахь, со тешна ву, хIара хьан хьехам шех пайда боцуш буьсур бац аьлла. Дала Ша реза волучу барамехь кху  беттан сий дан ийман, могушулла лойла вайна. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля