Нохчийн меттан хьехархо

Массо а хенахь хьехархо лараме хилла ву юкъараллехь. Школехь болх бина ца Iаш, нехан дахарехь а хьехамча а, дика накъост а хилла  ма ву иза. Нохчаша гуттар а лоруш хилла дешна стаг, хIунда аьлча оьшучу хенахь цунах накъост хир вуйла хууш. «Дешна нах вайна юкъахь дукха мел хили а, вайца харцо лело ницкъ кхочур бац вайна вон болх бан луучеран. Йоза-дешар ца хуу стаг бодане ву, иза атта левийр ву хьаъа а, цунна шен бакъонаш ца йовзарна», – олура наха хьалха. Юккъерчу Азе дIакхалхийначуьра нохчий Даймахка цIабирзинчу хенахь лаккхара дешар дешна стаг йоккхачу юьртахь а цхьаъ-шиъ бен ца хуьлура, жима юрт-м йийца а ца оьшура. Генарчу махкахь вай долчу хенахь деша аьтто хилларш вуно кIезиг бара, ур-аттал юккъера школа яьккхинарш а дукха бацара. Школа яьккхинарш берашна хьеха а, юьртан совете урхалла дан а, совхозе, колхозе куьйгаллин болх бан а бохуьйтура цу хенахь Iедало. Дешна, корматалла йолу говзанчаш тоьуш бацара вайн республикехь –  къаьсттина ярташкахь. Цундела кегий нах деша бохуьйтура вузашка а, корматаллин юккъерачу заведенешка а. ЮхаметтахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн республикина къона инженераш, хьехархой, лоьраш, юристаш, экономисташ, нефтан а, юьртбахаман а декъехь говзанчаш оьшура вуно чIогIа. Цундела кегий нах дешарна тIебирзинера, дукхахберш вайн цIахь, Соьлжа-ГIалахь, вуьш кхечу регионашкахь доьшуш бара.
Иштта тхан жимачу юьртахь, Чуьрийн-Эвлахь, а вара Казахстанехь а, Киргизехь а юккъера школа чекхъяьккхина масех жима стаг. Царах цхьаъ сан дешича Арсанукаев Къасим вара. ЦIадирзинчул тIаьхьа дукха хан ялале, 1960-гIа шераш дуьйладелча, Нохч-ГIалгIайн пединститутан историко-филологически факультете заочно деша а вахана, школе балха хIоьттира иза. Юьхьенцарчу классашна хьоьхуш волчу хенахь школин директор хIоттийра Къасим. Цу хенахь бархIшеран школа  яра тхан юьртахь. 1966-чуй, 1967-чуй шерашкахь Къасим тхуна 7-чуй, 8-чуй класашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш вара. Тхуна, дешархошна, уггаре а дукхаезаш яра цуьнан урокаш. Цуьнан урок мел ледара а дешархочо Iамайора, ца Iамош ван эхь хетара, хIунда аьлча хьехархо, хьоьга бехк а ца боккхуш, хьан юьхь а ца йохуш, хьо йохье ваккха а, шен предмет хьоьга ларийта а хууш вара. 
Къасиман хьехархочун говзаллина, цо дешархочунна беш болчу тIеIаткъамна хIинца а тIекхиъна вац со. Муха нислора цуьнан иза? Иза цкъа а, оьгIазвахана, дов деш а ца хуьлура, юьхь йохуш, дешархо сийсазвеш а ца хуьлура, дуьххьалдIа цуьнан оьздачу амато, хьекъалечу къамело, дагах кхеташ олучу дашо хьо йохье воккхура, хьоьга урокехь деш дерг лоруьйтура, доьзуьйтура, нохчийн матте, нохчийн даше безам бохуьйтура. Иза бакъволу хьехархо вара, шен болх а, бераш а дезаш, ша хьоьхург царна дика хуийла а, уьш цунах кхетийла а лууш, церан дегнашкахь Даймахке болчу безаман зIийдиг кхио а гIерташ. Иштта вара иза –  тхан Хьехархо, тхан лараме Стаг! Массо а хенахь цунна оьшучунна гIо дан кийча вара цуьнан муьлхха а дешархо.Со воккхавера иза сайн  гергара а, сайн хьехархо а волуш. Сайгара диканиг далийта лууш хуьлура со, цунна хазахетар дуйла хууш.
Къасима школехь, хьехархочун а, директоран а болх бина ца Iаш, кхетош-кхиоран болх а бора. Иштта цкъа 1966-чу шарахь 8-чу классера дешархошца Хамидов Iабдул-Хьамидан «Абубешар» цIе йолчу пьеси тIехь спектакль хIоттийра цо. Сан хенарнаш оцу хенахь 6-чу классехь бара. Тхуна чIогIа лаьара хаьа лакхарчу классера тхан баккхийра вежарий, йижарий хIун кечамаш беш бу хIора сарахь шайн класса чохь. Цаьрца Къасим хуьлура репетици еш, дан дезарг дуьйцуш, репликаш нийса олуьйтуш. Эххар а, спектакль маца хир ю аьлла, дIакхайкхийра. Жимачу тхан юьртахь боккха хилам бара иза, цундела дешархойл сов, цхьаболу дай-наной а баьхкира цуьнга хьовса. Дешархоша чIогIа дика ловзийра шайн ролаш, спектакль хьовсархоша дика тIеийцира, иза чекхъяьлча дехха тIараш а детташ. Къасим хьовсархошна юкъахь хиъна Iара, ша цу балхана хийра волуш санна.
Эххар а тхан юьртахь юьззина юккъера школа схьайиллира. Дуьххьара иза 1969-чу шарахь чекхъяьккхинарг тхан класс яра.  Тхох масех стаг вузашка деша вахара. Ас филологически факультете чуделира сайн кехаташ. Экзаменаш дIа а елла, со чекхваьлча, суна а, сан дена а, нанна а санна, со деша вахана хазахеттарг Къасим вара. «Дика дешалахь, хьо ларор вуй-м хаьа суна»,  – элира цо, сан дешар беркате а деш. 
Цхьа мур беара школашкахь Даймехкан тIамехь дакъалаьцнарш лахарехь дешархошка дакъалоцуьйтуш. Вайн республикехь а бара и болх жигара дIахьош. Къасима а  масех шарахь дешархошца цхьаьна бира и талламан болх.  Тхан юьртара а бара цу тIамера цIа ца баьхкинарш а, тIепаза байнарш а. Царах дукхахболчарах дерг билгалделира Къасима дешархошца бина болх бахьанехь. Массо а архивашка кехаташ яздора цара,  юьртара тIамтIе баханарш лоьхуш. Дийна волчух, кхелхинчух, вайначух жимма а хаам кхаьчча, хазахетара таллам дIахьочу дешархойн тобанна. Иза бара билггал болу патриотически болх, Даймохк ларбан тIаме вахана хьайн юьртахо схьалахар, цунах дерг билгалдаккхар, велларг дIавоьллина каш мичахь ду хаар.   Дешархоша леррина бора Къасима шайна тIебиллина болх, шаьш дан дезарг цуьнга хоттура. ХIинца цу хенахь хилла и дешархой баккхий нах бу, цхьаберш берийн бераш а долуш. Цара олу шайна школехь йина мероприятеш а, концерташ а дага ца йогIу, амма ветеранаш, Даймехкан тIамтIехь хилларш шаьш лоьхуш, Къасимца цхьаьна бина болх биц ца ло шайна. 1980-шераш чекхдовллац кхезира Чуьрийн-Эвлара Даймехкан тIамехь дакъалаьцна бIаьхой тIехь болу стенд юккъерачу школехь. Уьш 50 сов стаг вара. Сел жимачу тхан юьртара оццул наха цу  тIамехь дакъалаьцна хилча, яккхийчу ярташкара мел дукха хилла хир бу уьш! Тхайчарах-м ах сов цIа ца бирзинера, тIеман аренашкахь эгнера уьш. 
И стенд Къасиман безамна бохуш, ларъеш яра цу школехь иза дIаваьллачул тIаьхьа а. Кегийчарна, тIекхуьучу тIаьхьенна доккха маьIна долуш хIума а дара иза цаьрца хьехархоша бечу кхетош-кхиоран балхахь.
Со университетехь доьшуш волчу хенахь, мукъа хан а яьлла, цIа веача, школе Къасим волчу воьдура. Сан дешарх дерг леррина хоттура цо. Литературе сан марзо юйла хууш, муьлха книга еша еза, леррина тидам стенна тIе бахийта беза хьоьхура. Пайден йолу а, йоцу а литература къасто Iамадора цо. Иза ша нохчийн а, оьрсийн а литература евзина ца Iаш, дозанал арахьара литература а дика евзаш вара. ТIаьхьо хиира суна Къасим йозанца гергарло долуш вуйла а. Цо дуккха а произведенеш язйинера прозехь, амма уьш зорбане яха ца лиира цунна, шен оьздангалла йоккха хиларна, шен цIе яхар а цадезарна.
Хьехархо Iамийча хуьлуш вац, иза шен сица а, цIийца а хила веза шен балхана хьанал, цунна тешаме. И дешнаш Къасимна догIуш дара. Иза, нохчийн мохк а, къам а дезаш, бусалба дог-ойла а йолуш, цIена нохчийн интеллигент вара. Ткъе итт шо сов хан ю иза вайна юкъахь воцу. ТIаьххьарчу шерашкахь чIогIа цомгаш вара иза, меттахь висина. Хьо шена тIехIоьттича, цкъа а балхам бина я шен цамгарх лаьцна хIума ца олура цо. Велавелла хуьлура, забар ян кархдолура цуьнан. Иза цкъа а вацара цхьанна а шех бала бина.
Ас дуккха а шерашкахь нохчийн мотт а, литература а хьийхира тхайн юьртарчу школехь. Къасиман хьехарш схьаэцнера ас со балха веанчу хьалхарчу дийнахь дуьйна: «Хьайн болх безалахь, иза ларалахь. Хьо школехь хилла ца Iаш, арахь а, новкъахь а хьехархо санна тIеоьцур ву хьуна наха. Хьоьгара масал оьцуш, ахь боккхучу коге хьовсуш, олучу даше ладугIуш, хир бу хьуна хьан дешархой –  церан ойла елахь. Диканиг я вониг даьлла хьайн дешархо тергал ца веш ма виталахь. Ахь кхиош берш кханалера нохчийн бахархой бу хьуна, уьш дешна а, хьекъале а, яхь йолуш а хилахь, вайн къоман кхане дика хир ю, ткъа уьш вон а, бен боцуш а хилахь, вайн гIуллакх ледара хир ду. Хьехархочун болх сийлахь а, лараме а, амма иштта жоьпалле а бу хьуна». 
Хьан дахарехь а, дага чохь а лар йитина хьехархо вара Къасим. Ишттаниг виц ца  ло.

Суьрта тIехь: нохчийн меттан хьехархо Арсанукаев Къасим

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля