Ненан мотт!

Хьо муха ца беза, дуьххьара  довхачу дешнашца нанас хьо хьоьстуш  хилча ненан маттахь?! Дуьххьара ахь олу дош ненан маттахь хилча? Цунна а шен нанас и бийцина хилча?.. Дуьххьара аганчу бер дуьллуш аганан иллица ненан матте безам кхуллуш хилча? Аганан иллица хьайн Даймахке безам кхуллуш, хьайн халкъе безам кхуллуш, дайн 1адаташ лардан ненан маттахь 1амош хилча?.. Дуьненчохь мел долу адам кхоьллина Сийлахьчу Дала, х1ора къомана белла совг1атна  шен-шен мотт. Ца белла вовшашца къийсийта, ца белла цхьаъ вазвеш, йа важа сийсазвеш… Цхьа дитт, йа итт дитт хиларх хьун ца хуьлу, йа цхьана олхазаро б1аьсте а ца йохьу… Дуьне хаздина Дала, кхоьллина и мерза безам х1ораннан шен махке, шен нене, шен матте… Муха  безар бац шен ненан мотт, нанас  хазачу дешнашца, беркатечу куьйгашца кхача буьллуш хилча, до1ица  хьо воьхуш хилча, ховхачу куьйгашца мотт буьллуш хилча?..Ненан меттан аьзнаш хеза-кх хьуна бухдуьйлачу шовданехь, байн хьоькхучу махехь, дог1учу дог1анехь, олхазарийн декарехь, лестачу хьаннашкахь, токхечу аренашкахь, берийн дуьххьарлера аьзнашкахь, 1аьнан лайн чимашкахь, б1аьстенан зазанехь, гуьйренан токхенехь, аьхкенан йовхонехь… Ма хьал долуш мотт хилла-кх вайн, х1аллакдарх т1емашца, вайн г1ишлош, йарташ, хьаннаш ягаярх, вайн истори лечкъайарх, вайн бу-бохху къонахий     х1аллакьбарх, къам  леш  ца хуьлу… Хи доьду, амма т1улгаш дуьсу…Зама йоьду, т1улгаш атало, херца г1аланаш, амма халкъ дуьсу даха… Бан йиш йоцу теш хуьлий  буьсург  баха-иза вайн мотт бу. Хьекъалчас аьлла-кх:»Вайн мотт-вайн истори.» Т1аккха хаа дезара вайна, вайн дайша эзар шерашкахь ларбина мотт вай муха ларбан беза, муха сий дан деза… 
Дагна лан хала ду, ненан мотт, хьо кху б1ешарахь бан герга баханачарна йукъахь бу бохучух, теша 1овжаме ду… Амма, мел халахеташ делахь а, тахана х1оьттинчу хьоле хьаьжча,  кхерало со… 1адайо. Аса-м хьо сайн дахаран къилба дина д1ахоттийнера, массо а берийн хьоьга безам кхолла сатийсинера… Суна-м моьттура, со сайн 1алашоне кхаьчна ели… Амма х1унда тилабели-те дай-наной, ненан мотт чохь бийцича тоьаш  бу бохуш…  1амат эца ахча дац бохучара х1унда оьцу-те тоьлла и телефонаш шайн берашна? Цу т1ехь цара диканиг-м ца лоьху… Буьйсанна наб а ца еш, цу т1ехь бу дукхахберш…
Ненан мотт, ма хьал долуш, ерриге дуьненан къайленаш йасталур йолуш мотт бара хьо…Хьан къайленаш хьоьца ю-кх, «исс  маь1на» дасталур долуш… Хьо х1аллак ца бича, къам х1аллак далур дац… Хьан истори, хьан къайленаш-хьуна чохь ю. Хьан йоза ца хилла бохучарна тешнабехк хуьлуш бу… Хьан тептарш х1аллакдинчарна хаьийла, хьо массо а меттанел шира буй а, хьал долуш буй а… Безачунна. Лоручунна. Хуучунна… Дуккха а шераш хьалха радиочухула  цкъа  передаче ладоьг1нера аса. Ч1ог1а сих-дагах хьакхаеллера и передача. Юсупов ярий-те фамилии, ц1е дага ца йог1у. Меттан 1илманча а вац элира иза. Амма цо ойла самайаьккхира. Вайн нохчийн дешнийн маь1наш достура цо. Х1ун де? («Что делать? «) Х1у де! («Сей семя!») Вопрос и ответ…
Дог1а (дождь) – дог1а(ключ) ДОЖДЬ-ключ к урожаю… Пхьарс(пхьеран – са)… Лерг-лерган са… Цул т1аьхьа иштта дешний маь1наш леха йолаелира со. Бераша хаттар дира цкъа:»Ходуноках х1ун олуш хилла хьалха?» Бер когадохуьйтург ю   элира аса. Хетарг. Шина шарахь лийхира берашца, дай-наношца цу дешан маь1на, ходуноках х1ун олу бохуш.Хиттира 1илманчашка, дошамаш х1иттийнчаьрга а. 
Жоп карийра дагахь а доцчохь. Цхьана конференце кхайкхинера со Хасавюрта, Нохчийчуьра баьхкина хьеший а бара. Касимов Вах1ида  суна т1едожийра дош ала. Со йистхилла йаьлча, аса хаьттира цу дашах лаьцна… Бурчаев Хьалима  мохь туьйхира, шена хаьа аьлла… Кехат т1е йаздира»Зазакъ». Массарна а хазахийтира, ткъа суна сайна дуьненан хазна карийча санна хазахийтира. Сан дешархошна  хаза кхаъ хилира цунах. Стом хилале хьалха хуьлуш долу заза санна, берана дуьххьара ког баккха 1амочух «зазакъ» алар а нийса хийтира. Иштта  лоьхура оха берашца дешнаш, церан  маь1наш. Вай иштта х1ораммо  цхьацца дош лардича а, карийча а, вайн меттан т1орказ дуьзна лаьттар дара. Дешархойн матте безам а кхоллалур бара. Дешархошца иштта талламаш бан дуьйладелира тхо. Даре дира, вайн йоза хилла  ца хиларх, вайн алфавит ширачех хилла хилар. Ца хилча, муха хила йиш ю вайн х1ора хьаьркехь  алфавитан дешан  цхьаъ йа масех маь1на, 1аьрбойн маттера т1еэцна ф элпехь, щ доцчехь? Цкъа цецбовлура дешархой, т1аккха ойлане бовлура, т1аккха церан  йаххьаш йэкхалора, шаьш мотт  толлуш  болчарах тарлора. Иштта теллира оха х1ора нохчийн меттан элп, аз… Сайн матте безам кхуллуш йазйина  йу сан х1ора байт нохчийн маттах. Уьш йийцаре йеш йу массо а Нохчийчуьра школашкахь а, хьехархоша а. Йоккхайуьй, Нохчийчуьра  Нохчийн меттан хьехархойн  Ассоциацин декъашхо хиларх а, кху т1аьхьарчу 3-4шарахь нохчийн меттан хьехархойн тобанехь хилар а. 
1илманан х1орда чохь цхьа т1адам бен  бацахь а, догдоху сайл т1аьхьа ала довха дош  дуьсур ду аьлла  а, сан ненан матте, сайн къоме  безам хиллий хаийта а. 
Дала нийса некъ хьоьхийла! Цу новкъа д1адаха могашалла а, доьналла а лойла вайна  массарна а!  Мотт кхиорехь, ларбарехь сан хилла ойланаш байташкахь йовзийтина аса.  Ткъа урокашкахь тайп-тайпана приёмаш, методаш лелайо. 
Классал арахьара болх  музейшка, экскурсе дахарца, кхин а тайп-тайпана белхаш барца… 

Ненан мотт, хьо хилла 
Ницкъ  суна белларг,
Синкхача ша хилла-
Т1емаш а делларг.
Сирлачу седане
Сан ойла кхачош,
Цу маьлхан з1аьнаршца
Уьш д1а а юцуш.

Ненан мотт, хьо хилла,
Дог-ойла г1аттош,
Г1иллакхан гурахь а 
Даима латтош.
Арахь, чохь, ломахь а,
Хьо хезча буьйцуш,
Цу  стиглан 1аьрчашка
Са  т1ома  долуш…»
***
 Ахь йовхо ло, ненан мотт!
Мел хаза бу хьо, сан ненан мотт,
Ма оьзда бу хьо, сан ненан 
мотт!
Мел йоккха къайле а хьоь яста-
ло,
Мел боккха бала а хьоь бай а 
ло.

Мел ирча дов а ахь дерзадо,
Мел йоккха чов а хьоь ерзало,
Къаналла к1елвиснарг хьоь 
хьастало,
Муьлхха а къонахчун догъэца-
ло!

Собарх тиллариг ахь сацаво,
Некъах тиллариг ахь кхетаво.
Шелбелчу безамна  йовхо а ло,
Малделчу дагана ахь ницкъ а 
ло.

Мел мерза безам а хьоь
бийцало,
Дахаран шеддаш а хьоь 
дастало.
Оьздачу дагана ду ирсан т1ай,
Ларбича ненан  мотт, ца 
хуьлуш лай.
***
Мотт хилла вайн герз а,
Хилла вайн дахар,
Мотт белла вай дисча,
Къам делла лара!

Мотт хилла вай гурахь 
Латтийнарг даим,
Ненан мотт, бекалахь,
Мел беха наной!

Бахалахь, дуьненчохь, 
Мел беха къаной,
Бахалахь, Къонахий
Мел бу уьш лара!
***
Ненан маттахь илли ала,
Ненан маттахь ала дош, 
Везчу Дала совг1ат дина,
Белла вайна нохчийн мотт!

Бийца ,1амо йиш йоццушехь,
Халкъо мотт вайн ларбина,
Тахна,1амо йиш йоллушехь,
Дастаме и лерина…

Оццул хаза,аьхна, мерза,
Кхечу маттах хийцина,
Дохку- те вай, мотт бицбина,
Пана махкахь каш лаха?

…И  хьал долуш хилла болу,
Берта балош мостаг1ий,
Дуьненчуьра барна кхоьру,
Цуьнца цхьаьна-къоман сий…
***
Дала совг1атна белла…
Хьекъалан, кхетаман, кхиоран 
г1ирсхилча,
Вай х1унда д1атоьтту вайн не-
нан мотт?
Х1ор дешан исс маь1на цо 
достуш хилча,
Д1а х1унда ца йоккху 
«лергара потт»?
***
Везачу вайн Дала совг1атна 
белла…
И совг1ат сийсаздан вайн 
бакъо йуй ?
Мила ву, шен нанна реза ца 
хилла,
И кхечух хийцинарг, алийша, 
вуй?
***
Багах мел долу дош ду ненан 
мерза,
Ерзаеш дагчуьра мел йоккха 
чов,
Массо а баланех хьо ларвар 
доьхуш,
Х1ора дош- до1а ду-деш долу 
дов.
***
Шен йоцчу х1усамехь вахалой 
теша,
Мел веза хьаша веш, т1еэцарх 
хьо?
Хьайн йоцчу г1евлангахь  наб 
муха кхета,
Муьлха мотт бийцало г1енаха 
хьоь?

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля