
ГIиллакх - динан ах
Общество
В закладки

Г1иллакх - адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам бу вайна Дала белла . Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу, адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду.
Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза шен дог-ойла, т1аккха шен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латтор ду. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шен духар, сурт -сибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна.
Тахана вайнехан юкъахь г1иллакх, оьздангалла ледар даьлла. Х1ора къоман г1иллакхан ша-шен кеп ю. Уггаре хаза, ц1ена, сан кхетамца, вайнехан г1иллакх-оьздангалла ду. Вайн бераш т1елоцу телевизор, интернет чуьра вайн г1иллакхашца ца дог1у кхечу къамнийн берий лелар. Ц1ахь, арахь, школехь берийн лелар хийцаделла.
Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Дас, нанас довзийта деза уьш шайн доьзална. Г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Уьш вайн дахарехь лелор г1еллуш ду де-дийне мел долу, царах цхьадерш д1адовлуш а ду.
Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш, уьш лардан деза.
Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.
ТОВМУРЗАЕВ Валид
Комментарии (0)

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къомах доглозуш а, вайн дахаран некъ нийса хилахьара бохуш а нах вайна юкъахь к1еззига хилча санна хета суна. Дагестанехь бехаш болчу массо а

Бераш кхетош-кхиорехь массо а х1ума маьIна долуш а, хьесапе эца дезаш а ду. Оццул мехалчу а, оьшучу а балхахь ларамаза хIуманаш хила йиш яц. Мотт 1емина дог1учу я жимма

Кху деношкахь дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду ненан меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омрица т1еч1аг1дира и дезаде

Ма доккха дозалла ду ненанана дуьнен чохь хилар, ма доккха ирс ду-кх цуьнан йовхоно хьоьстуш хилар. Цуьнан лелар, болар, амат-сибат, ма ша тайпа исбаьхьа хаза хуьлу-кх.