Къона тIаьхье кхиор вайн карахь ду

Доккха декхар ду дений, нанний тIехь шайн доьзалхо кхиорехь, цунах шен доьзална а, халкъана а пайден стаг варехь. И декхар халкъана, махкана хьалха хилла ца Iа – уггар а хьалха Далла хьалха а ду иза. «Дика кIант – гIала, вон кIант –  бала» олуш цхьа кица  ду-кх вайн, нохчийн. Цуьнан маьIна довза хала дац: дика кIант дас-нанас а, гергарчара а дозалла деш ву, цундела ву иза, гIала (бIов) санна, товш а, куьцехь а, хIунда аьлча шен хаза гIуллакхаш, оьзда гIиллакхаш бахьанехь наха лору иза. Ткъа вон кIант шен волчунна бала бу, цунах дозалла дан а, и хасто а меттиг боцу дела. Иштта халкъо говзачу кицанехь къастийна дика а, вон а кIант.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля