Я суна дага ца догIу-техьа?

— Нана, суна дагадогIу, со жима йолуш бердах яхана. Со чIогIа лазийна карийча, хьан йоьхна хьовзар. Буьйсана со, кагбина пхьаьрс лозуш йилхича, ахь суна юххе агIор а яьлла, сан лерехь цхьа гIийла-гIийла узам бира. Со йоьлхучуьра сецира хIетахь. Цецъяьлла. ХIетахь ца кхетара стенах цецъяьлла, хIинца хаьа; сан пхьарс хьан даг чохь сайчул а чIогIа лазарх цецъяьлла хиллера.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля