Ненан кортали

Юьртахь массарна а г1араяьллера, тиладелла лела бер санна, х1ора урам бустуш д1асахоьхку «Победа». Оцу машенан дас деанарг шайна хезча, дог 1аьвжий, ойлано бертаза д1аяханчу замане буьгура тхан юьртара нах. Д1аяханчу заманан эрчалло, ша хьахо йолийча, дуькъа хиш гулдора б1аьргашна чохь. Халкъ ц1ера даьккхича, шен кхоллам, атаелла пхьег1а санна, эзара киртиг хилла, боьхна лелаш волу Султан вара тахана шен дай баьхначу юьрта кхаьчнарг.  

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля