Iеламнехан васт

Нохчийн яздархойн зорбанехь араевллачу произведенешлахь, суна хетарехь, ас ешаза цхьа а хир яц. Цундела айса дуьйцург сайн хьекъалехь а, кхетамехь а цхьа бух болуш ду моьтту суна.Х1инццалц вай йийцаре йора литературехь интернациональни, патриотически, Даймехкан, безаман, иштта кхийолу а теманаш. Девзара коммунистийн, кулакийн, къечеран, хьолахойн, иштта кхечеран а васташ. Амма литературин критикехь бакъдолчу т1ехь билгалдаьккхина дацара 1еламстеган васт. Молла, динан хьехамча вуьйцура шен уггар ямартчу  г1уллакхашца. Хеталора, ванах, ма тамашийна х1ума ду-кх оццул болчу молланех иттех ваьлла а хьанала вехаш стаг цавалар аьлла.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля