4 шарахь Дагестанехь схьайиллина 200 гергга керла школа а, берийн бошмаш а
2024-чу шеран эсаран беттан 5-чу дийнахь диъ шо кхаьчна Меликов Сергей Дагестанан Республикан куьйгалхо волу.
Оцу муьрехь регионехь дешаран системин инфраструктура г1еххьачул тоелла. Т1аьххьарчу Меликовс куьйгалла деш долу 4 шарахь «Дешар» а, «Демографи» а къоман проекташ, иштта кхийолу федеральни а, региональни а программаш кхочушъеш, йина 12 619 меттигна лерина 87 берийн беш а, 38 100 дешархочунна лерина 102 школа а. Оцу балхо аьтто бира дукха йолчу ишколашкара кхоъ смена д1айаккха а, и 100% кхачо йолуш хилийта а. Керла объекташ йеш ю лаьмнашкахь кхача хала долчу меттигашкахь а. Массо а дешаран учрежденеш кхузаманан техникица а, мебельца а кечйина ю. Ишколан майданахь кхоьллина дерриг а физкультуран а, спортан а хьелаш - воркаут-площадкаш, футболан, волейболан, баскетболан майданаш, арахь ловзарш д1адахьа а, берашна сада1а, могашалла тоян а меттигаш. 8 бассейн ю д1ах1оттийна йиъ школехь. Кху шарахь Дагестанехь схьайиллина 7 эзар дешархочунна меттиг йолу 20 керла школа а, 1400 меттиг йолу 10 берийн беш а, 2023-чу шарахь схьайиллина 19 керла школа а, 26 берийн беш а. Республикин уггаре а сагатдечу проблемех лаьцна аьлча, ишколан аварийни хьал г1еххьачул лахделла: нагахь санна 2021-чу шарахь 154 аварийни ишкола хиллехь, х1инца 108 йу, аварийни хилларш хийца 46 керла ишкола йар бахьана долуш. 6000 дешархочунна меттиг йолу кхин а 16 школа а, 880 меттиг йолу 5 берийн беш а схьайелла а, 15 школа йар кхид1а а д1адахьа а лерина т1едог1учу 2025-чу шарахь. Бибулатова Iайнаъ
