
ХаттIабан воI Iумар (Дела реза хуьлда цунна) халиф волчу хенахь хилла боху хIара. Кхаа стага лаьцна, текхош Iумарна тIевалийна цхьа стаг. – ХIай, бусалбанийн паччахь, хIокху стагана ахь таIзар дойла лаьа тхуна. Тхан да вийна кхуо. Бехкевечуьнга хаьттина Iумара: – ХIунда дина ахь и зулам?

Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш,